25-АПРЕЛЬ НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ

1503 просмотра

Тахана, дуьненахь бехачу массо а нохчаша даздеш ду Нохчийн къоман меттан де. Дуьххьара 2007-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен омрица т1еч1аг1дира и деза Де билгалдаккхар. Цу шарахь д1адоладелла, Нохчийн меттан де даздеш ду 25-чу апрелехь. Амма къаьсттина Нохчийчохь даздина ца 1аш, массо а вайнаха тидам бо цу денна, шаьш миччанхьа а хиларах. «Мотт мел беха деха къам»- олуш ду вай дайшкахь дуьйна. Иза ларбахь дуьсур ду къам, амма вай вайн ненан мотт тахана 1алаш ца бахь, вайн кхане бодане ю. Къоман мотт бу вайна дахар довза а, къоман оьздангалла йовза а 1амош, къомана а махкана а пайденна болуш, г1иллакх-оьздангаллийца къонахий кхиош берг. Вайн декхар ду ненан маттаца юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин а, историн а бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац. Тахана билгалдаккха лаьа, Нохчийн республикин куьйгалло ненан меттан тидам беш хилар а, иштта мотт ларбан а, и кхио а 1алашо йолуш, т1еэцна пачхьалкхан программаш хилар а. Амма вайна-арахьахула бехачу нохчашна хало ду ненан мотт ларбан а, т1екхуьучу чкъорана и ма-барра д1акховдо а. Х1унда аьлча, кхечу къаьмнийн юкъахь дехаш ду я оьшучу барамехь книшкаш яц. Амма и кхачамбацарш доцуш санна, ненан мотт ларбар а, т1екхуьучу т1аьхенна и бовзийтарехь а, кхиорехь а ницкъ ма-кхоччу дакъалацар а вайн х1ораннан а коьрта декхар ду. Х1унда аьлча, нохчийн къоман башхалла, истори, культура, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ, ламасташ ненан меттаца бен ма-дарра довзийтийла дац т1екхуьучу чкъорана.
ХIора шарахь вайн республикехь а дIахьо ненан меттана лерина йолу тайп-тайпана конкурсаш, кхин йолу мероприятеш. ХIунда аьлча, нохчийн мотт вайн халкъан коьрта билгало а, вайн къоман бух а бу. Дала шен къоман мотт безарехь а, Ӏаморехь и ларбарехь а совдохийла вай, вайн тӀекхуьуш йолу къона тӀаьхье а! Бехийла хьо тхуна, тхан сийлахь Нохчийн мотт!

Комментарии

Нет комментариев. Ваш будет первым!